Хьайн Дела вуй хаалахь.. by Olkhazar published on 2014-12-29T20:23:56Z Садукъочу халоно хьо хьовзийча, гIайгIа-бала хьуна тIехь чIагIбелча, ахь дагадаийталахь хьайн комаьрша Дела хилар, къинхетаме волуш, сийлахь волуш хьайн Дела хилар, ахь Шега доьхучу хенахь Цунна хьан доIа хезаш хилар, ахь орца дехча Цо хьуна Шегара орца кхачош хилар! Цундела, гIайгIане ма хила хьо, са а ма гатде ахь, Цуьнца йолу хьайн ойла дика а хилийта ахь - хуьлуш дерг хьайна хетачул-моьттачул дика хиллий гур ду хьуна. Шейх Iабдул-Карим Бакка́р Genre АллахI